ГлавнаяНовостиДень Чеченского языка.

День Чеченского языка.

431 просмотр

Нохчийн меттан  де.                
       
Вайн къоман уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Кхетош- кхиоран мехала г1ирс а, къоман син- оьздингаллин билгало а ю иза.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад- Хьаьжас д1адолийнера вайн махкахь ненан мотт кхиоран г1уллакх. Шен мохк а, мотт боцург къам дац, олуш дара цуьнан.

2007- чу шарахь шен омрица оханан беттан 25- г1а де Нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхира вайн махкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад- Хьаьжин Рамзана. Вайн декхар ду вешан  ненан мотт безар, цуьнца уьйр- марзо латтаяр,1алашбар, кхиор, т1екхуьучу чкъурана синхазна д1акховдор.            
Тхайн Центран коллективан ц1арах оха даггара декъал до дерриге нохчийн къам х1окху хазачу а, дезачу а Денца!